- •Раздел I. Фонетика
- •Тема I. Нохчийн йозан (литературин) мотт. Нохчийн алфавитан башхаллаш.
- •Тема 2. Графика (шалха, шала элпаш). Мукъазчу аьзнийн шаладерзаран некъаш.
- •Раздел 2. Лексика
- •Тема 3. Дошкхолладалар. Дешан хIоттам (лард, орам, дешхьалхе, суффикс, чаккхе)
- •ЦIердешнийн нохчийн маттахь 4 легар ду:
- •ЦIердешнийн дожарш
- •Раздел 3. Морфологи
- •Тема 4. Къамелан дакъош
- •Тема 5. ЦIердешан грамматически билгалонаш
- •ЦIердешнийн дукхаллин терахь кхолларан некъаш.
- •Тема 6. Билгалдешан маьIна, цуьнан тайпанаш.
- •Тема 8. Терахьдешан тайпанаш,ма1на,кхолладалар.
- •Тема 8. ЦIерметдешан грамматически билгалонаш
- •ЦIерметдешнийн грамматически билгалонаш:
- •ЦIерметдешнийн шайн маьIне хьаьжжина 9 тайпа хуьлу:
- •Тема 9. Хандешан грамматически билгалонаш.
- •Тема i0. Куцдешан тайпанаш
- •Тема II. ГIуллакхан къамелан дакъош (дакъалг, дештIаьхье, хуттург).
- •Тема i2. Хуттургийн тайпанаш (цхьаьнакхетаран, карара хуттургаш).
- •Тема i3. Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш.
- •Тема i4. Предложенин цхьанатайпанара меженаш.
Тема 8. ЦIерметдешан грамматически билгалонаш
Содержание темы.
ХIуман цIе а ца йоккхуш, цIердешан, билгалдешан, терахьдешан метта лелачу къамелан декъах цIерметдош олу.Цо хIуман мухалла, масалла а билгал ца йо.
ЦIерметдешнийн грамматически билгалонаш:
ЦIерметдешнаш гайтаран я хаттаран маьIнехь лела (со, хьо, дIора, ишттаниг).
Дожаршца хийцадаларехь ша метта лелачу къамелан дакъойх тера ду цIерметдешан.
Цхьадолу цIерметдешнаш дожаршца цIердешнаш санна хийцало (со, сан, суна, ас, соьца, сох, соьга).
Цхьадолу цIерметдешнаш, рогIаллин терахьдешнаш санна а, лааме билгалдешнаш санна а хийцало дожаршца (вайниг, вайчуьн, вайчунна, вайчо и. дI. кх.)
ЦIерметдешнаш, билгалдешнаш а, терахьдешнаш а санна, лааме, лаамаза хуьлу.
ЦIерметдешнийн шайн маьIне хьаьжжина 9 тайпа хуьлу:
Яххьийн (личные), церан 3 юьхь ю цхьаллин, дукхаллин терахьехь:
цхь. т. дукх. т.
I– со – тхо, вай
II–хьо – шу
III– и, иза – уьш, уьзаш
Дерзоран (притяжательные):
со-со, хьо-хьо, и-ша, шу-шеш.
Доладерзоран (собственные):
сан, хьан, цуьнан.
Дерзоран-доладерзоран (собств.- притяж.):
сан-сайн, хьан-хьайн, цуьнан-шен.
Гайтаран (указательные):
хIара, дIора, хIоккхул.
Къастаман (определит.):
массо а, дерриге а, ерриг.
Къастамза (неопредел.):
масех, мела а.
Хаттаран (вопрос.):
мел, маса, муьлш.
Юкъаметтигаллин (относит.):
хьенан, стенан.
Тема 9. Хандешан грамматически билгалонаш.
Содержание темы:
ХIуман дар я хилар а гойтуш (хIун до? хIун дина? хIун дийр ду? хIун хуьлу?) – бохучу хаттаршна жоп лучу коьртачу къамелан декъах хандош олу.
Хандешан тайп-тайпана грамматически билгалонаш ю:
Хандашо дар я хилар гойту.
Хандош хенашца хийцало. Н.м. хандешан 8 хенан кеп ю:
а) карара хан (хIун до?): яздо, дуьйцу.
б) яхана хан (хIун дина?) яздина, дийцина
в) гуш яхана хан (хIун дира?) яздира, дийцира.
г) хIинц яхана хан (хIун ди?) язди, дийци
д) хьалха яхана хан (хIун динера?) яздинера, дийцинера
е) ихина хан (хIун дора?) яздора, дуьйцура
ж) хила мега хан (хIун дер?) яздер, дуьйцур
з) билгала хин йолу хан (хIун дийр ду?) яздийр ду, дуьйцур ду.
Цхьадолу хандешнаш цхьаллин, дукхаллин терахьашца хийцало (книга Iуьллу – книгаш Iохку)
Цхьадолу хандешнаш цхьаллин а, дукхазаллин а кепашца хийцало (кIант воду – кIант уьду)
Цхьадолу хандешнаш грамматически классашца хийцало. Н.м. хандешан 4 классни гайтам бу (вогIу, йогIу, богIу, догIу).Нохчийн маттахь классни гайтам хила тарло дашна хьалха а, юккъехь а.
Хандешнаш н.м. кхечуьнга довлуш а, кхечуьнга ца довлуш а хуьлу.
Хандешан н.м. 4 саттам бу:
а) билгала саттам (хеза, дуьйцу)
б) бехкаман саттам (хазахь, дийцахь)
в) лааран саттам (хазахьара, дийцахьара)
г) тIедожоран саттам (хазийтал, дийцал)
8. Предложенехь хандош дукхахьолехь сказуеми хуьлий лела.
Тема i0. Куцдешан тайпанаш
Содержание темы.
Тайп-тайпана латтамаш а гойтуш, дар я хилар муха, маца, мичахь, мича Iалашонца, хIунда кхочуш хуьлу гойтучу коьртачу къамелан декъах куцдош олу.
Куцдош предложенехь даима хандашца дозуш а, и кхетош а хуьлу.
Шен маьIне хьаьжжина куцдош н.м. 6 тайпане декъало:
даран суьртан куцдош (муха?): оьзда веха, хаза дуьйцу.
Хенан куцдош (маца? маццалц?): сарахь доьшу, сарралц доьшу.
Меттиган куцдош (мичахь?): юьртахь веха, гIалахь доьшу.
Бахьанин куцдош (хIунда?): дикалла вуьйцу, оьздалла хеставо
Iалашонан куцдош (мича Iалашонца?): забаренна вистхилира, безамна сурт делира
бараман куцдош (мел?): дикка хьевелира, тоъал дешна.
