Добавил:
Upload Опубликованный материал нарушает ваши авторские права? Сообщите нам.
Вуз: Предмет: Файл:
No Name.docx
Скачиваний:
1
Добавлен:
01.07.2025
Размер:
170 Кб
Скачать
☆

2) Джабариташ

Нагахь санна и къодр къобал динехь, иза Шарlан доьхьал тоьшалла/далиль а лоруш - иза джабаритин сыфат ду. 《Къoдран тlе а тоьвжаш, ваьш деш долчу хlуманашкахь ца доьвллу деш ду вай ваьш даьш долу хlуманаш, оцу тlаьхь вай харжам/ихтияр бац, вай карахь къудрат яц. Иза дерриге Аллахlа чакхадоккхуш ду Ша. Цуьнан къодр ду иза》боху цара. Ма-дарра аьлчи, и деш верг Аллахl ву боху цара. Церан кхетамца: Нагахь санна цхьаъ цхьа бохам беш валахь иза а вай дац, Аллахl ву, Аллахlа Ше лайшна тlедиллина цера дан ницкъ кхочур боцу хlума боху цара. Бlаьрзечунна Къуръlанчохь тlадамаш дахкар тlедилларе терра тlедехкина ду боху цара Шарlехь долуш долу декхарша адмашна. Аллахlан ( سبحانه و تعالى ) тlе харцо хьерчайо цера lакъыдато.

Уьша керстналлийн чуаьгна болу джабарийташ бу. Иза доккха керстналла ду. Хlунда аьлча, адмашкара маьл долуш долу хlума адми шай лаамца, ницкъаца деш дац, Аллахl деш ду ма боху цара. Къодар Шарlан доьхьал далиль лоьцу цара. Иштта, йоккха харцо ю цара кхоьллинарг. Оцу къодре дил ма деззара ийман диллина бац уьш. Къодраца а, Шарlаца а керстналла дина бу уьш.

Аллахl Цlен ву цара дуьйцуш долучух! Аллахl зулам лууш вац цхьанна а лайна. Нагахь санна нахана бохам беънехь-цера куьйгаш лелийна йолу харцонаш бахьнехь беана.

Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) ма боху Къуръlанчохь:

●《 إِنَّ اللَّهَ لَا يَظْلِمُ النَّاسَ شَيْئًا وَلَٰكِنَّ النَّاسَ أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ 》

《Баккъалла а, Аллахlа зулам ца до нахана цхьана а хlуманца‚ делахь а, наха шаьш до шайна зуламаш.》

[Сурат Йунус(10):44]

Аллахl Шена хьарам дина зулам, вайна хьарам дина. Аллахlа Шен лайшна харжам, ницкъ белла. Цуьнга хьаьжжина бен Аллахlа декхарш тlедехкина а дац.

И хlума дуьйцуш, цу тlехь и кхетам болчун/джабарийн некъ лелош болучеран имам Иблис ду. Цо аьлла:

●《 قَالَ فَبِمَا أَغْوَيْتَنِي لأَقْعُدَنَّ لَهُمْ صِرَاطَكَ الْمُسْتَقِيمَ 》

《 Элира /иблисо/: "Ахьа со тилорна‚ Хьан нийсачу некъах (Адам а, цуьнан зуьррет а тило) царна кIелонна хуур ма ду со.》

[Сурат аль-Аlраф(7):16]

Оцу айатехь ша гал даьккхинарг Сийлахь Веза Аллахl лерина цо. Аллахlа гал даьккхина иза къодраца. Делахь а, оцу иблисана диц дала ца деза ша оцу новкъа доккхун долу бахьанаш лелийнарг ша хилар, Дала шега омар диначу хенахь ша куралла йина хилар, ша дозалла дина хилар, ша омар дина ца хилар, Делан омран ша доьхьал даьлла хилар, ша муьтlахь хилла ца хилар. Иблисо аьлла Аллахl гал даьккхина ша, шегара даьлла цхьаъа хlума доцуш санна. Джабарийташ боху адмаши галдовлар-адми карахь къудрат, ихтияр ца хилар ду. Иблисо ма-аллара аьлла цара а. Цундела ву церан имам Иблис.

________________

3) Амма бакъ болу муъманахах дерг вай дийцича, цара къодре ийман дуьллу оцу къодрах дика долчуьнга а, вуо долчуьнга а. Иштта, цара ийман дуьллу и дерриге кхуллуш верг Аллахl хиларе а. Уьш муьтlахь хуьлу Шарlехь долчу Делан омрунна а, Шарlехь долчу Делан нахйунна а (Шарlехь Дала де аьллачунна а, ма де аьллачунна а).

Делан кхеле, къодре диллина долчу иймано Аллахlан Шарlан муьтlахь хиларна тlе тотту муъманах. Цара Аллахlа омар динчуьнца lамал йо, Аллахlа цамагийначух лар а ло. Шай гlуллакхашкахь/белхашкахь Шарlе буьйлу уьш къайлаха а, гучохь а. (Шай гlуллакхаш Аллахlан Шарlацa нисдо цара шаьш нахан гучахь а, нахан цагучахь/къайлах а.) Цlенчу даггара леладо цара Аллахlан Шарl цхьа а мунепикъал йоцуш.

Гучахь, къайлах цхьатерра и Шарl леладар – баккъалла а, оцу Шарlе ийман диллина болчу муъманеха некъ бу.

Баккъалла а, нийса новкъа нисвар а, тилвар а Аллахlи карахь ду. Шена луъш верг Цо нийса новкъа воккху Шен Комаьршаллица а, Къинхетамца а. Шена луъш верг Цо тилар новкъа а воккху Шен Нийсонца. Цун дик хаъ муьлхачу хьелашкахь дохуш ду цун Шен Комаьршо яр а, Шен Нийсо лелаяр а. Нийсо массанхьа лелош ю Цо, Комаьршо, Къинхетам а беш бу цо, Дала Къуръlанчохь ма аллара:

●《إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِمَنْ ضَلَّ عَنْ سَبِيلِهِ وَهُوَ أَعْلَمُ بِمَنِ اهْتَدَىٰ》

《Баккъалла а, хьан Далла дикох хаьа, Шен новкъах тилларг мила ву а, Цунна дикох хаьа, нийсачу новкъа нисвелларг мила ву а.》

[Сурат ан-Нажм(53):30]

Сийлахь Везачу Аллахlан цу хьокъехь лелош лаккхара Хьикмат ду, юхатохалун доцу хьуджат ду, тоьшалла ду. Сийлахь Везачу Аллахlа дика некъ а билгалбина, вуо некъ а билгалбина.

Иштта, муъманах тешна бу и мела а, и lазап а Шарl лелоре хьаьжжина хуьлуш хиларх а. Леладахь - мел хир болуш, ца леладахь - lазап хир долуш. Муъманаха и мел балар а, lазап далар а къодрах доьзна лоруш дац. Шарlах доьзна лоруш ду цара и.

Массала: Сийлахь Везачу Аллахlа адманна къодрангахь цхьа вуо хlума тlе дохар ду аьлла яздина. Оцу адми нийатехь дац иза, и вуо хlума оцу адманна лууш а дац, делахь а цун тlедеана и вуо хlума. Оцу адмана къа хьаьрчар долуш дац и бахьанехь, хlунда аьлча и хlума хиларехь бахьан и адам доцун дер.

Оцу кеппара дика хlума а ду къодрангахь яздина.

Масала: Цхьана адмо кхечу адманна тlе а дахана цунна зулам деш, харцо еш хlума туьйха. И хlума тохале цонгаш хилла долу и адам цо тоьхначул тlаьхьа та делла (масала къор адам меттадеан). Цо цун тохар хьарам ду, зулам ду цо динарг, цо тохарна къа а хир ду цунна. Вукха агlора дика болх хилла и хlума шен тоьхна долчу адман. Къодрангахь яздина хиларн цун хlума хазар хьадеана. Адмо ша дечу хенахь вуо болх бина, амма оцу адмо и вуо болх бича, и бахьанехь къадрангахь билгалдаьккхина цун хазар хьадохар хилар, цун дика болх хир бу аьлла. Амма цу тоьханчун мела хир бац цун хазар хьадеан хиларх, хlунда аьлча, цо зуламца тоьхна цун, дика болх бан ца тоьхна.

Вайн билгалдолу оцу стеган нийат вуо хилар. Шарlо ца магийна болу вуо болх барна цун lазап хир ду, тохаран тlаьхье беркате нис еллер аьлла цунна йа мела хир бац. Мелa Шарl лелийча луш бу. Къадрангахь билгалдаьккхинчу хуман тlера луш бац мел, йа lазап.

Баккъалла а, оцу муъманаха шаьш шайна синтем лоьху Делан къодраца шайн тlе цхьа бохамаш даьхкича «Делан кхел ю-кх хара, Дала яздина хилла-кх хlара» оли.

Масала: Цхьа бохам тlебеана адман. Бусалб стаго «Дала цхьан дикан даитна-кх шена хlaр» оли ийман дуьллу цуьнга. Оцу иймано цуьн Делаца йолу юкъаметтиг, ойла то йо. Къодре диллийначу иймано оцу лайна гlо до тlебеанa болчу балангахь собарца чакх вала а, Делан къодран реза хила а. Оцу къодрангара шайна цхьа дика болх тlебеача, цу тlехь шаьш хьан хьакъ бу а хаа царна.

Масала: Муъма стаган дика lамал яр (дика гlуллакх дар) нис делла. Тlаккха олу цара :

● 《...وَقَالُواْ الْحَمْدُ لِلّهِ الَّذِي هَدَانَا لِهَذَا وَمَا كُنَّا لِنَهْتَدِيَ لَوْلا أَنْ هَدَانَا اللّهُ ... 》

《цара эр: "Хастам бу Аллахlан‚ тхо нисдинчу хlокхунна тlе‚ тхо хир ма дацара нисделла, Дала нисдина ца хиллехь... 》

[Сурат аль-Аlраф(7):43]

_____

Вуочу стага (Къарун) аьлла долу дешнаш ца олу цара:

●《قَالَ إِنَّمَا أُوتِيتُهُ عَلَى عِلْمٍ عِندِي أَوَلَمْ يَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ قَدْ أَهْلَكَ مِن قَبْلِهِ مِنَ القُرُونِ مَنْ هُوَ أَشَدُّ مِنْهُ قُوَّةً وَأَكْثَرُ جَمْعًا وَلَا يُسْأَلُ عَن ذُنُوبِهِمُ الْمُجْرِمُونَ》

《Цо (Къaрýна) элира: "Иза (хьал‚ даьхни) суна делла соьгара lилма бахьанехь". Цунна ца хаьа-те Дала хlинцале мел /дуккха/ тlаьхьенаш хlаллакйина цул хьалха‚ цул ницкъаца мелхо а чlогlа йолуш‚ гулдарца (хьал‚ даьхни) мелхо а алсам йолуш. Шайн къинойх лаьцна хоьттур а дац къиношдечаьрга (Далла и дика хаьа дела).》

[Сурат аль-Къасас(28):78]

_____

Шаьш цхьа вуониг дича, цара олу дас-нанас ма аллара(Адама,Хьавас):

● 《 قَالاَ رَبَّنَا ظَلَمْنَا أَنفُسَنَا وَإِن لَّمْ تَغْفِرْ لَنَا وَتَرْحَمْنَا لَنَكُونَنَّ مِنَ الْخَاسِرِينَ 》

《 Цу шиммо элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тхан догlмашна зулам ма дина оха‚ Ахь тхуна геч ца дахь‚ Ахь тхох къинхетам ца бахь – тхо хиланне а хир ма ду эшначарех". 》

[Сурат аль-Аlраф(7):23]

_____

Цара ца олу Дала Шен къинхетмах гена даьккхина долу шайтlно аьлларг:

● 《 قَالَ رَبِّ بِمَآ أَغْوَيْتَنِي لأُزَيِّنَنَّ لَهُمْ فِي الأَرْضِ وَلأُغْوِيَنَّهُمْ أَجْمَعِينَ 》

《 Цо элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ Ахь со тилорна‚ ас хаздийр ма ду царна лаьттахь /къинош дар/‚ ас тилор ма бу уьш берриге а 》

[Сурат аль-Хьиджр(15):39]

_____

Шайга муьлхха а цхьа бохам беача, цара олу:

● 《الَّذِينَ إِذَا أَصَابَتْهُم مُّصِيبَةٌ قَالُواْ إِنَّا لِلّهِ وَإِنَّا إِلَيْهِ رَاجِعونَ》

《шайга бала боьссича, олуш болчу: «Баккъала а, вай АллахIан ду‚ Цуьнга юхадоьрзур долуш а ду»》

[Сурат аль-Бакъара(2):156]

_____

Шайга бала, бохам беча цара ца олу керстналла диначара аьлларг:

● 《 يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ تَكُونُواْ كَالَّذِينَ كَفَرُواْ وَقَالُواْ لإِخْوَانِهِمْ إِذَا ضَرَبُواْ فِي الأَرْضِ أَوْ كَانُواْ غُزًّى لَّوْ كَانُواْ عِندَنَا مَا مَاتُواْ وَمَا قُتِلُواْ لِيَجْعَلَ اللّهُ ذَلِكَ حَسْرَةً فِي قُلُوبِهِمْ وَاللّهُ يُحْيِي وَيُمِيتُ وَاللّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ 》

《 Хlай ийман диллинарш! Шу ма хила цатешачаьрга тера, шаьш олуш хилла болчу шайн вежаршка, уьш йохк-эцарна я гlазотана арабевлча: "Тхуна гергахь лаьттинехь лийр а бацара‚ бойур а бацара уьш". Цунах Дала церан дегнашкахь боккха сингаттам бийр бу. И Дела денбеш а ву‚ болуьйтуш а ву. И Дела аш дийриг гуш ма а ву. 》

[Сурат аль-lимран(3):156]

Цара аьлла долу и хlума Аллахlа церан дегнаш чохь гlайгlане а дерзийна царна, сингаттаме а дерзийна царна, бохаме, дакъазлоне а дерзийна, хlунда аьлча, цара Делан кхеле а, къодре а ийман ца диллан дера.

Муъмастаг Аллахlан кхеле а, къодре а ийман диллина хила везаш ву, Аллахlан Шарlан муьтlахь хила везаш ву, Аллахlо дина омар лардеш/кхочушдеш хила везаш ву, Аллахlа хьарам динчух лар вал дезаш ву, шега вуо деача цунна собаре хила везаш ву, шегара къилахь долу хlума даьлчи Аллахlе воьрзуш, тоба деш хила везаш ву; шен цхьа дика болх хилча Аллахlан шукр деш, хастам беш хила везаш а ву Цо шен и даларна; нагахь цхьа бохам беанехь, лазарца, адам даларца, цо ала деза: "《 إِنَّا لِلّهِ وَإِنَّا إِلَيْهِ رَاجِعون 》/ Баккъала а, вай АллахIан ду‚ Цуьнга юхадоьрзур долуш а ду".

Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна

Валлахlу Аlлам

55- УРОК

ЦIахь бен болх (домашний заданий)

1- Иманан уггар лахар дакъа муьлхаг ду?

Бисмилляxlи, AльхьамдулиЛлаxlи вассоляту вассаляму Iаля расулиЛлаxlи ва алихlи, ва сахьбихlи ажмаlийн!

#ЖОП:

Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) боху Шен Сийлахь Къуръlанчохь:

《 لَّيْسَ الْبِرَّ أَن تُوَلُّواْ وُجُوهَكُمْ قِبَلَ الْمَشْرِقِ وَالْمَغْرِبِ وَلَكِنَّ الْبِرَّ مَنْ آمَنَ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ وَالْمَلآئِكَةِ وَالْكِتَابِ وَالنَّبِيِّينَ وَآتَى الْمَالَ عَلَى حُبِّهِ ذَوِي الْقُرْبَى وَالْيَتَامَى وَالْمَسَاكِينَ وَابْنَ السَّبِيلِ وَالسَّآئِلِينَ وَفِي الرِّقَابِ وَأَقَامَ الصَّلاةَ وَآتَى الزَّكَاةَ وَالْمُوفُونَ بِعَهْدِهِمْ إِذَا عَاهَدُواْ وَالصَّابِرِينَ فِي الْبَأْسَاء والضَّرَّاء وَحِينَ الْبَأْسِ أُولَئِكَ الَّذِينَ صَدَقُوا وَأُولَئِكَ هُمُ الْمُتَّقُونَ 》

《Мела хир бац аш шайн яьххьаш малхбалехьа а‚ малхбузехьа а ерзаярехь. Ткъа мела хир бу и /нах/ Делах а‚ тlаьххьарчу дийнах а‚ маликех а‚ жайнах а‚ пайхамарех а тешаш белахь‚ шена а дезачу даьхних /сагlина/ делча гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъхочунна а‚ доьхучунна а‚ лай паргlатваккхарна а‚ ламаз а цо хlоттийча‚ закат а делча‚ шаьш делла дош кхочуш а дича‚ яккхийчу халонашкахь а‚ баланашкахь а‚ тlамехь а собаре а хилча. Уьш бу бакълуьйш берш. Уьш бу /Делах/ кхоьруш берш.》

[Сурат аль-Бакъара(2):177]

__________

Ийманан арканашха 5 рукн ягар йира хlокху айатехь, иштта, ийманан генашха лоруш йолу цхьацца lамалш а: сагlа далар, ламаз дар....айат чакх даллалц.

Айатехь дийцина долу ийманан куцош/lамалш шегахь гулделла волу стаг хьакъ ву цо лелош дерг цlенчу даггара ду ала, Делах кхоьруш болчу oхlлунах ву иза аьлла сыфат дала.

■ Пайхмара (ﷺ) элира аьлла дийцина: «Ийманан кхузткъ(60) сов дакъа/га ду…»

Кхечу риваятехь/хьадисехь хlокху кепара аьлла:

■ «Ийманан кхузткъе итт сов дакъа/га ду. Ийманан генашха/дакъошха уггара лакхарниг - «لا إله إلا الله» аьлла долу шахlадат далор ду. Оцу ийманан генашха уггаре лахарниг - нахана новкъарло ян тарлуш йолу хlума новкъара дlаяккхар а ду. Иштта, эхь хетар ду ийманах цхьа дакъа.

Ойла йича, оцу хьадисехь билгалдолу ийманан генаш кхаа (3) декъе декъалуш хилар:

1) Маттехула хьаолуш долу ийманан дакъош

2) Меженашца lамал ярца гучудолуш долу ийманан дакъош

3) Деган lамалашха долу ийманан дакъош

Oцу хьадисехь Пайхмара (ﷺ) оцу хlора меженна а шен-шена масал далийра:

1) « لا إله إلا الله »

- маттехула хьаолуш долу ийманан дакъошха цхьа дакъа ду.

2) нахана новкъарло ян тарлуш йолу хlума новкъара дlаяккхар - меженашца lамал еш долу дакъошха цхьа дакъа.

Масала: Некъа тlехь боккха тlулг бу лаьтташ дlайса боьлхучарна новкъарло йийр йолуш. Царна новкъарло ца яйта иза новкъара дlабеккхча – ахь кхочуш динарг ийманан дакъошха цхьа дакъа хуьлу.

3) Эхь хетар - дегаца лелош долу ийманан дакъошха цхьа дакъа

___________________________________________

❔lеламнаха муьлхачу кепара кхетам белла оцу ийманан дакъошна?

❕Жоп:

И ийманан дакъош дагардина цхьац болу хьадисашна кхетам белла болчу lеламнаха. Цу белхан хьокъехь къаьсттина жайнеш а яздина цара. И бахьанехь нахана пайда а беана цара. Делахь а, оцу ийманан генаша дагардеш(1,2,3) охьа а дохкуш ийман нийса хила бехкам лоруш бац (тlаьхь дац): цун тоьъш ду и дерриге ийманан дакъошка ийман диллар, хlунда аьлчи, уьш дерриге долш ду Къуръlанчохь а, Суннат чохь а. Лайна тlаьхь дерг –Къуръlанчохь а, Суннат чохь а долу омранашна муьтlахь хилар, иштта, юхвалар ду цаьршимма юхавала бохуш долчу хумнехь. Цу шинни чохь болу хаамаш бакъдар ду лайна тlехь. И бахьан долуш цо дуьззина кхочуш дина хир ду шегахь ийманан генаш. Оцу дагардина ийманан дакъошха дерг вай дийцича, цара схьадалийнарш нийса ду, догlуш ду динехь, ийманан белхашна юкъадохуш ду, Делахь а, и хедамаш бар(дагардеш) 《и ду Пайхмарна (ﷺ) ийманан генаш дуьйцучу хьадисехь лиан долу маьlна》бохуш, и хедамаш барна схьадало далиль оьшу.

lеламнаха ийманан генаш билгалдохуш къахьегна хилар билгалдолу вайн. Цера массера а цхьа барт хилла ийманан дакъош/генаш хилар тlехь. Цхьаболчара дагар дина, цхьаболчара ца дина.

Сийлахь Аллахlа леладе маьл аьлла долу хlума ийманан дакъошха ду. Цамагийна дерг массо хlума lад дитар ийманан дакъошха ду. Уьш дерриге дагар дар тlаьхь а дац.

❔Хаттар дар : Иманан уггар лахар дакъа муьлхаг ду?

❕Цун жоп вайн Пайхмар (ﷺ) дийцина хьадисехь билгалдолу. Уггар лахар дакъа - нахана новкъарло ян тарлуш йолу хlума новкъара дlаяккхар ду.

Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна

Валлахlу Аlлам

56- УРОК

ЦIахь бен болх (домашний заданий)

1- Аллахlах тешар бохучунна юккъе хlун догlу?

Бисмилляxlи, AльхьамдулиЛлаxlи вассоляту вассаляму Iаля расулиЛлаxlи ва алихlи, ва сахьбихlи ажмаlийн!

#ЖОП:

《 أهل السنة والجماعة》

гергахь "ийман" бохург - маттаца схьаалар ду, дагца тешар ду, меженашца lамал яр а ду. Шадерриге ийманан дакъош оцу 3 бухханга доьрзуш ду.

Ийманан дакъошха:

1) Маттаца еш йолу lамал;

2) Меженашца еш йолу lамал;

3) Дагца йолу lамал.

Ийманан дакъош дуьйцуш жайнеш яздинарг:

* аль-Байхакъи

* аль-Хьалими

* ибн Хьиббан

Ибн Хьаджар аль-Аскъаланис дийцина шен 《Фатхьуль Бари》 цlе йолчу жайни чохь, оцу ибн Хьиббанас аьлла долу дешнаш схьадалийна ийманан дакъошха лаьцна.

Иштта ду ибн Хьиббанан дешнаш:

《Баккъалла а, и ийманан генаш дlадуьйлалуш ду/схьадовлуш ду деган lамалш тlера а, меттан lамалш тlера а, дегlан lамалш тlера а》.

Ткъа деган lамалашха дерг вай аьлчи, цу юккъе догlуш ду: деган тешамаш а, нийаташ а.

Деган lамалашна юккъе йогlу 24 lамал. Цу юккъе догlу:

● Аллахlе ийман диллар(тешар) :

* Аллахl хиларе ийман диллар

* Аллахlан Куцошка ийман диллар

* Иза цхьаъ бен воцуш Дела хиларе ийман диллар

* Шех тер цхьаъа хlума а доцуш хиларе ийман диллар.

Аллахlа боху Сийлахь Къуръанчохь:

《 Яц Цунах (Делах) тера хlума а. Иза хeзуш верг Ву‚ гуш верг а Ву》.

[Сурат аш-Шура(42):11]

* Аллахl воцуш кхидолу дерриге хlума кхоьллин хиларх дог тешар

Иштта, ийманан юккъе догlуш ду:

* Аллахlан маликашха тешар

* Аллахlан жайнешха тешар

* Цуьнан элчанашха тешар

* Дика, вуон долу доьгlна долчух (къодрангахь билгалдаькхначух) тешар

● Эхарт дийне ийман диллар:

* Беллачерга шай кешнаш чохь Мункар Накиро хаттарш дийриг хиларах тешар

* Даьн дина гlовттор хиларах тешар

* Хьесап дийриг хиларх, Барт хоттург хиларах тешар

* Мизан-терз хиларах тешар

* Сырат-тlай хиларах тешар

* Ялсамане а, Жоьжахате а хиларах тешар

Иштта оцу Аллахlе ийман диларан юккъедохуш ду:

● Аллахl везар

* Аллахlан доьхьа безам, цабезам хилар

● Мухьаммад Пайхмар везар

* Цуьнан(Пайхмаран) сий-ларам бан безаш хиларах тешар:

* Мухьаммад Пайхмарна салават дила дезаш хиларх тешар

* Цуьнан суннатан тlаьхьадаза дезаш хиларах тешар

● Ихлас:

* моттаргlанех/шолгlонех/мунепикъаллех дlацlанвалар

* тоба дар

* Делах кхерар

* Делан дикане сатийсар

* Далла шукру дар

* Бин болу барт ларбар

* Собаре хилар

* Дала доьгlначун реза хилар

* Дал тlе таваккул дар

* Къинхетаме хилар

● Эсал хилар:

* Воккхачуьн сий-ларам бар

* Кегийчарех къинхетам бар

* Кураллаш яр дитар

* Ша-шех воккха вер дитар

* Хьагl lад йитар

* Гамо, ачо lад йитар

* Дералла, оьгlазло lад йитар

Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна

Валлахlу Аlлам

57- УРОК

ЦIахь бен болх (домашний заданий)

1- Маттац яш йолу lамалш хьах е, цхьа ерш?

Бисмилляxlи, AльхьамдулиЛлаxlи вассоляту вассаляму Iаля расулиЛлаxlи ва алихlи, ва сахьбихlи ажмаlийн!

#ЖОП:

Ийманан дакъош схьадовлуш ду:

● маттан тlера

● дагна тlера

● меженашна тlера

Вай ма-аллара, иза 《 أهل السنة والجماعة》 манхадж ю.

Меттан lамалшна юккъе йогlу 7 lамал:

(1) Дел цхьаъ веш долу дош алар(шахlадат даладар)

■ Абу Хlурайран хьадисехь, Пайхмара (ﷺ) элира аьлла дийцина: «Ийманан кхузткъе итт сов дакъа/га ду. Ийманан генашха/дакъошха уггара лакхарниг - «لا إله إلا الله» аьлла долу шахlадат далор ду......》.

(2) Къуръан дешар

■ Iусман ибн Iаффана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: 《Шуна юккъехь гIолехьверг – Къуръан шена Iама дина, кхечарна и дIахьоьхуш верг ву》.

[Бухари: (5027)]

■ Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: 《АллахIан Жайнара (Къуръанара) цхьа элп дешначунна цхьа дика дар дIаяздо, ткъа (хIора) диканан ял уьттазза сов йоккхуш ю. Аса ца боху шуна, «Алиф, Лам, Мим» цхьа элп ду. ХIан-хIа, «Алиф» - ша элп ду, «Лам» - ша элп ду, ткъа «Мим» - ша элп ду》 .

[Тирмизи: (2912), цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» шина даржехь хьадис ду]

(3) Шена lильм lамадар

Сийлахь-Везачу Аллахlа боху:

●《 أَمَّنْ هُوَ قَانِتٌ آنَاء اللَّيْلِ سَاجِدًا وَقَائِمًا يَحْذَرُ الْآخِرَةَ وَيَرْجُو رَحْمَةَ رَبِّهِ قُلْ هَلْ يَسْتَوِي الَّذِينَ يَعْلَمُونَ وَالَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ إِنَّمَا يَتَذَكَّرُ أُوْلُوا الْأَلْبَابِ》

《 Ша Далла гlуллакх деш верг буьйсанан сахьташкахь‚ сужд деш‚ /ламазаш деш/ хlоьттина верг эхартах кхоьруш, шен Кхиош-кхобучун къинхетаме дог дохуш /вуй и тера Далла lесалла ечух/?

Ахь aла (xlай, Мухьаммад): "Цхьа терра буй хууш берш а‚ ца хууш берш а?" Баккъалла а, ойла йийр ю хьекъал долчара.》

[Сурат аз-Зумар(39):9]

●《...إِنَّمَا يَخْشَى اللَّهَ مِنْ عِبَادِهِ الْعُلَمَاء...》

《 ...Баккъалла а, Делах кхоьру Цуьнан лейх lеламнах...》

[Сурат Фатlыр(35):28]

Оцу айаташ lильман дозалла гойту вайн, иштта lильм дlахьехадар маьл деза ду а гойту.

(4) lильм дlахьехадар а

■ Пайхмара (ﷺ) аьлла:

《Адам делча цуьнан lамалийн тептар дlакъовлуш ду/ цуьнан lамал соцуш ю, кхо хум доцург цунна тlедоьдуш хlумма дац. Цу кхаанах цхьаъ ю:

* Ша дуьненчохь волучу хенахь цо нахан хьегlа a хьегlна, даржийна хилла долу lильм. " 》

Велла волчу стагна тlейоьдуш йолчу lамалах цхьаъ ю цо шена тlаьхьа дитина долу(нахана дlахьегlна) lильм.

(5) Аллахlе дуlа дар

Дуlа даран хьокъехь Сийлахь-Везачу Аллахlа Шен Къуръанчохь боху:

●《وَقَالَ رَبُّكُمُ ادْعُونِي أَسْتَجِبْ لَكُمْ ...》

《 Шу Кхетош-кхиочо аьлла: "Соьга кхайкха - Ас жоп лур ду шуна"》.

[Сурат Гlофир(40):60]

●《وَإِذَا سَأَلَكَ عِبَادِي عَنِّي فَإِنِّي قَرِيبٌ أُجِيبُ دَعْوَةَ الدَّاعِ إِذَا دَعَانِ فَلْيَسْتَجِيبُواْ لِي وَلْيُؤْمِنُواْ بِي لَعَلَّهُمْ يَرْشُدُونَ》

《 Сан леша хьоьга хаттахь Сох лаьцна – Со гергахь ву‚ жоп луш ву доьхучуьнан дехарна – цо дехча. Суна жоп лойла цара (Суна муьтlахь хиларца)‚ Сох тешийла уьш - уьш хила там бара нийсачу новкъахь.》

[Сурат аль-Бакъоро(2):186]

Оцу айатехь гойту и дуlа ийманах дlахlоттадар.

Иза далиль ду дуlа дар ийманан дакъошха цхьа дакъа хилар гойтуш.

(6) Дел хьехор (цу юккъе догlу аль-истигlфар-Аллахlе гечдар дехар)

Зикр бохучунах лууш дерг Сийлахь-Веза Аллахl маттаца хьехавар ду.

●《 الَّذِينَ آمَنُواْ وَتَطْمَئِنُّ قُلُوبُهُم بِذِكْرِ اللّهِ أَلاَ بِذِكْرِ اللّهِ تَطْمَئِنُّ الْقُلُوبُ》

《Ийман диллинарш а‚ шайн дегнашна Дела хьехорца синтем(синпаргlато) хилларш а /нисбо Дала нийсачу новкъа/‚ ткъа Дела хьехорца ца хуьлу дегнашна синтем? 》

[Сурат Ар-Роlд (13):28]

ДЕЛА хьехор ийманах хилар а, ийманан генах цхьа га хилар а гойту вайна.

■ Пайхмара (ﷺ) аьлла: 《 Къематан динахь шен lамалaш тlехь йолу тептар шена кара схьаделча , цунах ша вокх ве лууш волчо алсам Деле гечдар доьгlийла》.

■Къудуси хьадисехь аьлла Сийлахь-Везачу Дала:

《Ткъа гечдар деха Шега, Ша гечдийр ду шун...》

■ Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла: 《Лекха а Беркате а хинволу вай Дела хIора буса а дуьнен стиглан тIе охьавуссу, буьйсанах тIаьххьара кхоалгIа дакъа дисича, цо олу: Соьга доIа деш цхьа а вуй? Ас жоп лур ду цунна. Соьга шен хьашт кхочушдар доьхуш цхьа а вуй? Ас кхочуш дийр ду цуьнан хьашт. Соьга шен къиношна гечдар доьхуш цхьа а вуй? Ас гечдийр ду цунна》. [Буха́ри́: 1145]

Оцу далийначу хьадисаша, айата вайн гойту гечдар дехар муъманеха сыфаташха сыфат хилар, езачу lамалах хилар, меттан lамалах хилар а.

(7) Даьсса хабарах ларвалар

Аллахlа Сийлахь Къуръанчохь билгалдина даьсса хабарх ларвалар Шен лайши сыфатах цхьа сыфат хилар.

Шайна дес къамелаш деш хезчи букъ а тухий дlабахар билгалдина Аллахlа.

Иштта, Сийлахь-Везачу Дала боху:

●《 وَإِذَا سَمِعُوا اللَّغْوَ أَعْرَضُوا عَنْهُ وَقَالُوا لَنَا أَعْمَالُنَا وَلَكُمْ أَعْمَالُكُمْ سَلَامٌ عَلَيْكُمْ لَا نَبْتَغِي الْجَاهِلِينَ 》

《 Шайна даьсса хабар хезча‚ цунах дlакъаьста уьш‚ олуш: "Тхуна тхан lамалш ю‚ шуна шайн lамалш ю‚ салам хуьлда шуна‚ тхо ца гlерта жехlал нахана тlе". 》

[Сурат аль-Къосос(28):55]

●《 وَالَّذِينَ لَا يَشْهَدُونَ الزُّورَ وَإِذَا مَرُّوا بِاللَّغْوِ مَرُّوا كِرَامًا 》

《 Харц тешалла ца деш берш а‚ шаьш даьссачу хабарна уллохула боьдуш – оьзда чекхболуш берш а /бу царах/. 》

[Сурат аль-Фуркъон(25):72]

Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна

Валлахlу Аlлам

Аллахlа диканца бекхам бойла шун!

58- УРОК

ЦIахь бен болх (домашний заданий)

1- Цхьа йолу дегlца яш йолу lамалш ягар е?

Бисмилляxlи, AльхьамдулиЛлаxlи вассоляту вассаляму Iаля расулиЛлаxlи ва алихlи, ва сахьбихlи ажмаlийн!

#ЖОП:

Ийманан дакъошна юккъе йогlуш дегlаца еш йолу lамалаш а ю.

Цу юккъе йогlу 38 lамал. Царна юккъера цхьаерш:

⚫ Шех адамах хьакхалуш йолу lамалаш. Уьш 15 lамал ю:

⏩ цlано латто гlертар(хьиссехьа/хаалуш гуш йолу наджас дlаяккхарца а, хьукманехьа/маьlнехь еш йолу цlано ярца а);

⏩ lоврат дlахьулдар;

⏩ фард\суннат ламаз дар;

⏩ закат далар;

⏩ йийсаре бахан болу лайш маьрша бахар;

комаьрша хилар:

⏩ хlума яъ яр;

⏩ хьошалла дар;

⏩ фард\суннат марх кхабар;

⏩ маьждиг чохь иътlикаф дар;

⏩ Лайлатуль-къoдр буьйса лар яр;

⏩ хьадж дар;

⏩ lумрат дар, Каlбан гонах тlоваф дар;

⏩ шен дин лардархьамма фитнех вадар, гена валар/хlиджрат;

⏩ йина йолу шен чlагlонаш лар яр, кхочуш яр/биийна болу дуй ларбар;

⏩ шен бехкан/къинош тlера каффарат такхар.

⚫ Цхьа стаг цхьанах хьаваьлла хиларах хlотталуш йолу lамалаш. Уьш 6 lамал ю:

⏩ хьарам долчух ларвала гlертар ду никахь дарца/зуда ялорца;

⏩ берийн бакъонаш лар яр;

⏩ дайшна а, наношна а дик хилар;

⏩ бераш бусалба динца/бакъонца, Дела реза волчу некъаца кхиа дар;

⏩ гергарлонаш леладар;

⏩ уьрхалчашна/куьйгалхошна муьтIахь хилар, лайшца кlеда-мерза, къинхетаме/дика хилар.

⚫ Массо нахах хьакхалуш йолу lамалаш. Ткъа уьш 17 lамал ю:

⏩ нийсонца/бакъонца урхалла/куьйгалла лелор ду;

■ МаIкъил ибн Йасара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «АллахIа ялсаманина чувитар хьарам дина дихкина ду – нагахь АллахIа Ша кхинболучу Шен лайшна тIехь урхалла лелон хIоттийна волу лай, уьш Iеха а бина, лечу дийнахь уьш лебина а волуш, лахь».

[ал-Бухари, Муслим]

■ Маръям ал-Аздис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) олуш хезна шена аьлла: «Нагахь АллахIа бусалба нахана тIехь урхалла лелон хIоттийна волу стаг церан хьашташна а, къехошна а букъ бетта волалахь - АллахI а воьрзур ву цуьнан хьаштех дIа» .

[Абу Дауд, ат-Тирмизи]

Хlокху хьадисаш гойту нийсонца куьйгалла деш воцучун хир долу lазап а, нийсонца куьйгалла дан дезар а.

⏩ бусалб нахана юкъахь барт латтор; нахана юккъехь барт/машар бар

Сийлахь-Везачу Дала боху:

●《 اَّ خَيْرَ فِي كَثِيرٍ مِّن نَّجْوَاهُمْ إِلاَّ مَنْ أَمَرَ بِصَدَقَةٍ أَوْ مَعْرُوفٍ أَوْ إِصْلاَحٍ بَيْنَ النَّاسِ وَمَن يَفْعَلْ ذَلِكَ ابْتَغَاء مَرْضَاتِ اللّهِ فَسَوْفَ نُؤْتِيهِ أَجْرًا عَظِيمًا 》

《 Церан къайлахчу къамелашха дукхах долчара дика ца дохьу, нагахь уьш кхойкхуш бацахь сагIа декъаре, я диканиг даре, я нахана юкъахь машар баре. АллахI реза ван гIерташ и диначунна, сийлахь-йоккха ял лур ю Оха. 》

[Сурат ан-Нисаъ(4):114]

■Абу Аййуб Аль-Ансарийс (Аллахl реза хуьлийл цунна) аьлла: «Делан Элчано (ﷺ) соьга элира: «ХIай Абу Аййуб! АллахIана а, Цуьнан Элчанна а дезаш (дика хеташ) долу сагIа дийций ас хьоьга? Нах вовший оьгIаз бахана хилча, церан юкъаметтиг йоьхна галъяаьлла хилча, ахь церан барт бар ду хьуна иза!». [Ал-Мунзирий – Ал-Алба́ний, «Сохьи́хьут-таргIи́би ват-тархIи́б», 3/46.]

Аьшпаш боттар маьл даккхийчу къинойх ду вайн хаъ массарна, ткъа маьл деза хила деза нахана юкъахь барт бар, оццул къилахь лоруш долу доцаг дийцар адамашна юкъахь машар барехь магийна хилча?

⏩ тобанна тlаьхьвазар/жамаlатах ца къастар;

⏩ уьрхаллчашна, куьйгаллехь болчарна муьтlахь хилар;

⏩ хавариджашца тlом/къийсам латтор;

⏩ бугlаташца тlом/къийсам латтор;

⏩ дикачу гlуллакхашкахь вовшашна гlо дар: (дикачу хlуманна нах тlе хьехар, нахана дика хlума дагадаийтар, диканиг де аьлла омру дар, вочух адамаш юхадагlар);

Аллахlа ма боху Сийлахь Къуръанчохь, аль-Маида сурат, 2-чу айатехь:

《Аш вовшийн гlо лаца диканна тlехь‚ Аллахlах кхерарна тlехь. Аш вовшийн гlо ма лаца къина тlехь‚ тlелатарна тlехь. Шу Делах кхера /и ца дан/. Баккъалла а, Аллахl чlогlа ву бекхам барехь》.

⏩ догlучуннана Шарlо къаста а деш билгалдина долу таlзар дар;

⏩ Делан некъа тlехь Джихlад дар: (динан а, гlазотан а гlуллакхашкахь гlароллехь латтар)

■ Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса цкъа Пайхамаре (ﷺ) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Муьлхарш ю уггаре а еза Iамалш?». Цо жоп делира: «АллахIах тешар а, АллахIан новкъахь тIом бар а ю». Аса хаьттира: «Лайшх мукъабаха уггаре а хьакъ берш муьлхарш бу?». Цо жоп делира:«Массарел а механ безаха берш а, уьш долахь болучарна гергахь уггаре а хьомсара берш а бу» .

[ал-Бухари, Муслим]

⏩ аманат лардар/кхочушдар/дlакхачадар/шена тlедиллина долу гlуллакх кхочуш дан ма-деззара кхочушдар/хlонсах 5-гlа дакъа дlадалар/декхар дlадалар/декхар оьшуш волчунна, юха цо схьалур а долуш декхар далар;

■ Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Нагахь стага нехан бахам схьаэцнехь, юхаберзо а дагахь, - АллахIа цунна тIера дIатокхур бу иза. Нагахь цо нехан бахам схьаэцнехь, хIаллакбан а дагахь, - АллахIа хIаллаквийр ву иза ша» .

[ал-Бухари]

⏩ лулахочунна сий-ларам бар;

■ Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Стаг шен лулахочуна новкъарло ян йиш йолуш вац, шен пена тIе хен (тIай) ца тосуьйтуш». Цул тIаьхьа Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) элира: «Ткъа стенна го суна шу оцу тIедилларна пен бетташ? АллахIах чIагIо ма йо аса: гуттар а шуна дагадоуьйтуш хир ма ву со оцу хьокъехь дерг (я шун белшашна тIе туьйсур ма ю аса уьш)» [ал-Бухари, Муслим]

■ Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Аса дуй буу сайн са Шен карахь долучух! Делан лай иман диллина хир ма вац - шена дезарг (луург) шен лулахочунна а деззалц (лаъалц)» .

[ал-Бухари, Муслим]

⏩ массо нахаца хаза юкъаметтиг латта яр / хьанала некъаца даьхний гулдар а, хьакъ долл-доллуче и даьхний дlай-схьа далар а;

Пайхмара дуккха хьадисашкахь дийцина хьанала некъаца даьхний гулдар. Хlора бусалба стагна тlаьхь ду ша схьаоьцуш долу даьхний шен эца бакъо йолчера схьаэцар а, хьанал новкъа цунах харж яр а. Цун тlаьхь ду цо беш болу болх Шарlо магийна хилар а. Бусалб стагана тlаьхь важиб ду ларвалар хьарам кепара рицкъанаш дахарах а.

■ Пайхмара (ﷺ) хьадисехь боху:《Нагахь стеган кара даьхний дахахь хьаналчу некъаца/бакъонца - оцу даьхнех бусалба стагна беркат дийр ду. Нагахь стеган кара оцу кеппара цун даийта йиш йоцуш болу некъаца/цун хьакъ доцучу кеппара рицкъ дагlахь, иза стенах тера ву аьлчи - вуза а ца вузуш яъхlума юуш волчух тер ву иза. Хийла стаг хир ву Аллахlан а, цун Элчан а даьхний тlаьхьа шен луарг лелош-и тайпа стагна Къемата-дийнахь жоьжагlатан цlе йоцург кхин хlума хир дац》. [Муслим]

Адмо гулдина долу даьхних къемат-дийнахь жоп далар дуьйцуш ду кхин а хьадисаш.

Оцу юккъе вохуш шина кеппара стаг ву:

- гулладечу хенахь а, харж ечу хенахь а хьарам некъаца дар

- хьанал гул а деш, хьарам некъаца харж а яр

⏩ кхоамаза даьхний ца дайар/исраф ца дар;

И динехь доьхна хlума лоруш ду.

Сийлахь Аллахlа боху:

●《 ...وكُلُواْ وَاشْرَبُواْ وَلاَ تُسْرِفُواْ إِنَّهُ لاَ يُحِبُّ الْمُسْرِفِينَ 》

《 ...даа даъ‚ мала а мал‚ /шайн хlуманан/ кхоам бе. Баккъалла а, Далла ца беза /хlуманан/ кхоам беш боцурш. 》

[Сурат аль-Аlраф(7):31]

●《 إِنَّ الْمُبَذِّرِينَ كَانُواْ إِخْوَانَ الشَّيَاطِينِ وَكَانَ الشَّيْطَانُ لِرَبِّهِ كَفُورًا 》

《Бакъалла а, и Эрна дойуш берш хилла шайтlанийн вежарий‚ ткъа шайтlа шен Кхиош-кхобучунна керста хилла. 》

[Сурат аль-Исроъ(17):27]

Царех ларлуш берш а ийманан охlлунах бу.

Юккъерачу барамехь, нийсо лелаян езаш ву муъмастаг.

⏩ делла долу салам схьаэцар;

■ Аллахlан Элчано (ﷺ) аьлла: 《Сай са карахь долчуьнах дуй буу

ас, шу Ялсамане гlур дац аш иман диллалц, аш иман дуьллур дац, шу вовший дезаш хиллалц, аш ша лелийча шу вовший

дезар долу хlума дийца ас шуна? Вовшашна

юккъехь салам даржа делаш》. [Муслим]

Ийманан охlлуна сыфаташха цхьа сыфат ду шен войзачунга а, ца войзачунга а салам далар.

⏩ хьоршам тоьхначунна дуlа дар;

■ Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «ХIора бусалба стагана тIехь долу кхечу бусалба стеган хьаккъаш ялх ду: нагахь хьо бусалбанна дуьхьал кхетахь – салам ло цуьнга; нагахь цо хьо кхайкхинехь – цо хьо кхайкхиначе гIо; нагахь иза хьайх дага валахь – даггара дика хьехар де цунна; нагахь цо, хьоршам а тоьхна, АллахIна хастам бахь, – доIа де цунна; нагахь иза цомгаш хилахь – тIехIотта гIо иза волучу; нагахь иза лахь – цуьнан тезетахь хила». [Муслим]

■ lелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: 《Нагахь шух муьлххачу а цхьамма хьоршам тохахь - цо ала деза: «Хастам бу АллахIна!» («АлхьамдулиллахI!»). Цуьнан вашас (я цуьнан накъосто) ала деза цуьнга: «АллахIа къинхетам бойла хьоьх!» /ЙархьамукаллахI!/. Ткъа цо цуьнга юханехьа ала деза: «АллахIа нийсачу новкъа нисдойла шу, хьал-дахар а тодойла Цо шун!» /ЙахIдикумуллахI ва йуслихь балукум!/》

[ал-Бухари]

⏩ нахана хьайгара цхьаъа зе/бохам ца далийтар;

Олуш хlума ду-кх:《 Массо а ирсе вар тIехь дац хьуна, амма, хьуна тIехь дерг цхьанне а зе ца дар ду. 》

■ Пайхамара (ﷺ) аьлла шен асхьабашка:《"Нах дlаса лелаш болу новкъа охьа ма хийшалаш".

Цара аьлла:《"Хlай Аллахlан Элча! Даиманна охьаховшуш ду тхо, цигахь дист а хуьл тхо, цигахь тхайн гlуллакх а хьаха до оха. Ма-чlогlа оьшу тхуна и охьахийшар!"

Пайхамара (ﷺ) жоп делла:"Нагахь охьа ца хевшича шаьш lийр долуш дацахь, оцу некъан хьакъ лар делаш!"

Тlаккха асхьабаш хаьттина:"Хlай, Делан Элча! Хlун ду техьа оцу некъан хьаккъаш? "

Пайхамара (ﷺ) аьлла:"Хьай бlаьрг ларбар ду; хьайгара цхьанна а новкъарло ца хилийтар; салам схьаэцар ду; дикниг де алар, вониг ма де алар ду."》

■ Пайхамара (ﷺ) аьлла:《 Зе йа хьайна ма де, йа нахана ма де/зе хьайн динчунна ма де, хьайн ца динчунна а ма де》.

Аллахlа ﷻ аьлла:

●《وَالَّذِينَ يُؤْذُونَ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ بِغَيْرِ مَا اكْتَسَبُوا فَقَدِ احْتَمَلُوا بُهْتَانًا وَإِثْمًا مُّبِينًا》

《Муъма божаршна а‚ муъма зударшна а цара цадинарг бахьанехь(бехке боцучу муъманахана халахоьтуьйтучарна доккха къа ду) халахоьтуьйтуш берш - цара дехьна доккха эладита а‚ билгала къа а》.

[Сурат аль-Ахьзаб(33):58]

●《 وَمَن يَكْسِبْ خَطِيئَةً أَوْ إِثْمًا ثُمَّ يَرْمِ بِهِ بَرِيئًا فَقَدِ احْتَمَلَ بُهْتَانًا وَإِثْمًا مُّبِينًا 》

《 Милла велахь а гlалат я къа деш, тlаккха и цунах цlена(и къа дина доцург бехке ван гlерташ) волчунна тlетоьттуш – и ма ву ирча харцдерг а‚ билггала къа а шена тlекхуллуш. 》

[Сурат ан-Нисаъ(4):112]

Хlокху айаташ а гойту нахана зе дар ца магар.

⏩ синкъерамех/самукъанех ларвалар;

Стага царех ларлуш велахь, даьсс къамелшах, шец цхьа а пайд боцу хlуманах ларлуш велахь - цуьнгахь ийман охlлун сыфаташха цхьа сыфат ду.

Аллахlа ﷻ аьлла:

●《 وَإِذَا رَأَوْا تِجَارَةً أَوْ لَهْوًا انفَضُّوا إِلَيْهَا وَتَرَكُوكَ قَائِمًا قُلْ مَا عِندَ اللَّهِ خَيْرٌ مِّنَ اللَّهْوِ وَمِنَ التِّجَارَةِ وَاللَّهُ خَيْرُ الرَّازِقِينَ 》

《 Шайна махлелор а, синкъерам а гича дIахьаьвдира уьш цига, хьо-хьуо а витина лаьтташ. Ахь ала /цаьрга, хlай Мухьаммад/ : «АллахIера дерг дикахо ду шуна синкъерамал а, махлелорал а, АллахI – уггаре а диканиг ву рицкъа лучарех». 》

[Сурат аль-Жумуlа(62):11]

Хlокху айатехь дуьйцуш долу 《 اللَّهْوِ 》- Аллахlан муьтIахь хиларах юхавоккхуш долу хlума ду иза.

■ Пайхамара (ﷺ) хьадисехь билгалдаьккхина:

《Массо самукъадахарш - телхина хlуманаш ду, стаго шен говр lамаеш самукъдаккхар доцург, шен чохь доьзалца, шен хlусамненаца самукъадаккхар доцург, пхерчий кхуьссаш /lад кхуьссаш и lамош цо даьккхина долу самукъа доцург》.

Вай дагардина самукъадаккхарш кхочушдича - самукъадалара хуьлу цун, lибадат дар а хуьлу цун.

Шарlо ца магийна долу самукъадаларах ларвалар - муъманеха сыфаташха цхьа сыфат ду.

Масала: нардех ловзар.

■ Пайхмара (ﷺ) аьлла: «Нардех левзинарг АллахIана а, Цуьнан Элчанна а Iеса хилла».

[Муслим, Абу Давуда, Ибн Маджас, Ахьмад]

Вайн тlехь декхар ду Шарlо ца магош долу дуьненан самукъадийларах лардалар. Амма, нагахь, Шарlо дихкина, хьарам дина доцуш, "мубахь" лерина долуш цхьа самукъане хlума делахь, иза леладарах хlума а дац. Амма коьртаниг, бусалб стага диц дан йиш йоцург - муьлхха а, Аллахlан муьтlахь хиларехь ша юкъахвоккхуш, дlахьийзош долу хlуманах генавалар ду цун тlехь.

⏩ новкъара нахана зене йолу хlума дlаяккхар.

■ Пайхмара (ﷺ) аьлла: 《Ийманан кхузткъе итт сов дакъа/га ду. Ийманан генашха/дакъошха уггара лакхарниг - «لا إله إلا الله» аьлла долу шахlадат далор ду. Оцу ийманан генашха уггаре лахарниг - нахана новкъарло ян тарлуш йолу хlума новкъара дlаяккхар а ду. Иштта, эхь хетар ду ийманах цхьа дакъа》.

Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.

Валлахlу Аlлам

Аллахlа диканца бекхам бойла шун!

59- УРОК

ЦIахь бен болх (домашний заданий)

1- Дик дар бохучунна далил дала де хьадисера?

Бисмилляxlи, AльхьамдулиЛлаxlи вассоляту вассаляму Iаля расулиЛлаxlи ва алихlи, ва сахьбихlи ажмаlийн!

#ЖОП:

Ихьсан (дика хилар) - Бусалба динан кхоалгΙа бух бу.

Ихьсанан бух - АллахIана лолла дар ду, хьайна И гуш волуш санна; хьайна И гуш вацахь а, Цунна хьо гуш хилар а хууш.

Ша лелориг а, дийриг а, АллахΙана хьалха волуш санна дика хилийта деза Делан лайно, lибадат Цунна хьалха волуш санна дика дан деза бохург ду иза, Пайхамаран (ﷺ) суннат тΙехь ваьзна а волуш.

Цуьнан маьIна ду - хlума дан ма деззара кхочуш дан бохург, уггаре хазачу, дикачу куьцехь, адаман лаамаш а, сатийсамаш а Делан лаамца богIуш хила беза бохург. Стаг АллахIана дезарг дезаш а, АллахIана цадезарг ца дезаш а хила веза. Ша къинош деш цахиларах тоам бина саца ца веза муъмастаг. Цо шен ницкъ кхочург дан деза лаьтта тIера Дала ца магийнарг дIадаккхархьама; дуьненчохь диканиг, Далла дукхадезарш алсамдахархьама/даржорхьама.

Ихьсан - иза Делах тешачу хIора стага гуттар а шега сатийса, иза шена тIегIерта веза лекха Iалашо ю.

Шарlехь ихьсано шена чулоцу кхоччуш хазачу куьцехь дина гlуллакх а, маьл олуш долу хаза-дика дош а (нахана дика дар, цаьрца хаза, маьрза юкъаметтиг лелорца...).

Ихьсанехь ву хьо, нагахь ахь АллахIана Iамал яхь, хьайна И гуш волуш санна. Хьуна Иза ца гарах, Цунна хьо гуш ма ву.

Ихьсан 3 декъе декъалуш ду: